A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Жима волуш да-нана а делла боберахь висна хилла элча. Делан элчанан да 1абдуллах1 велира и ненан кийрахь волуш, нана Аминат д1акхелхира цуьнан ялх шо долуш. Т1аккха и кхебира цуьнан ден дас 1абдул-Мут1алибо ша валлалц, Мухьаммадан барх1 шо кхаьчча. Т1аккха и т1елаьцира цуьнан ден вашас Абу-Т1алиба. Цо дика 1алашвора Мухьаммад и 40 шаре ваьлла пайхамар хиллачул т1аьхьа а. Абу-Т1алиба ч1ог1а г1о дора пайхамарна, цхьанна мостаг1чуьнга цунна зен ца дойтуш, ткъа ша валлалц керстаналлехь виснехь а.
Loading…
Loading…