Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Kawthar — Ayah 3

108:3
إِنَّ شَانِئَكَ هُوَ ٱلۡأَبۡتَرُ ٣
Баккъалла а, хьуна халахетийтинарг− иза ву хьуна цIога1доцург.
Footnotes
  • [1]

    Делан салам хиларг, элчанан божабераш дуьненахь буьсуш ца хилла. Цуьнан кIант Къасим дIакхелхича‚ Аль-Iас бин Ваил цIе йолчу мушрико, ваккхийведаш аьлла хилла‚ элчанан цIога хедда - тIаьхье йоцуш виси иза. Цуьнан г1уллакх и веллачул т1аьхьа чекхдер ду. Дала, элчанан дог оьцуш, боху: цIога доцуш вуьсур и ша‚ Оха хадор бу цунах Тхан къинхетам.Дуьненахь а вицлур ву, ткъа эхартахь цуьнан д1аверзар жоьжахате хир ду. Ткъа пайхамаран ц1е а, цо деънарг а гуттаренна а дуьсур, Делан ц1е яьккхича, цуьнан ц1е а йоккхуш.