Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Kafirun — Ayah 1

109:1
قُلۡ يَٰٓأَيُّهَا ٱلۡكَٰفِرُونَ ١
Ахь āла /хIай Мухьаммад цу керстанашка/1: «Х1ай керстанаш!
Footnotes
  • [1]

    Маккан керстанаша аьлла хилла пайхамаре цхьана шарахь ахь тхан делашна - ц1ушна Iибадат де‚ тIаккха цхьана шарахь оха хьан Далла – Аллах1ана а Iибадат дийр ду‚ аьлла. Дала ца магийна иза.Тафсиран 1еламнаха бигалдаьккхина: шолг1ачу а, кхоалг1ачу а аяташа гойту мушрикунйн а, пайхамаран а (Д.с.х.ц.) шена 1ибадат дийриг цхьаъ цахилар: мушрикунийн делий ц1уш (жа1арш) ю, ткъа Мухьаммад элчанан (Д.с.х.ц.) Дела ар-Рахьман, ша т1ех къинхетаме волу Аллах1-Дела ву. Доьалг1ачу а, пхоьалг1ачу а аяташа гойту мушрикунаша а, пайхамаро а деш долу 1ибадат а кхоччуш цхьаъ цахилар. Ала бохучух тера хета: вай шена 1ибадат дийриг а цхьаъ вац, вай деш долу 1ибадат а цхьаъ дац. Суратан боккха чулацам бу: кхоччуш ширках ц1анвалар хьоьху цо. Цундела пайхамаро (Д.с.х.ц.) омра дора шен асхьабашка д1абоьшуш и сурат деша олий. Цхьацца хьадисашкахь цуьнан дозалла дуьйцуш, и нисдина Къуръанан доьалг1ачу дакъица.