Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah An-Nur — Ayah 10

24:10
وَلَوۡلَا فَضۡلُ ٱللَّهِ عَلَيۡكُمۡ وَرَحۡمَتُهُۥ وَأَنَّ ٱللَّهَ تَوَّابٌ حَكِيمٌ ١٠
Делан комаьршалла а, Цуьнан къинхетам а ца хиллехьара шуна тIехь‚ И Дела тōба т1ех/дукха/ къобалдийриг а‚ хьукам /нийса/ дийриг ца хиллехьара /хIаллакхир дара шу/1.
Footnotes
  • [1]

    Кхузахь Дала дуьйцург « Ла11ан» (Не1алт олуш) мар а, зуда а къасторан кеп ю. И хуьлу: маро шен зуда бехке йо и нахаца лелаш ю олий, ткъа цуьнан виъ теш вац. Церан метта цо къедана хьалхахь дикчу нахах цхьана тобанна гуччахь доьазза тешалла дийр ду, пхоьазлаг1а шена не1алт а кхайкхош, нагахь санна ша харцлуьйш велахь. Зудчух дуьненан 1азап д1адоккхур ду, цо сурата т1ехь ма бохху, дуй биъча. Таккха къедано уьш вовшах къастор бу гуттарена. Царах бехкеволчунна доккха 1азап хир ду къематдийнахь.