Оцу тобанан корта – Iабдуллах1и- бин- Убай- бин- Салул..
Элчан зудчух Iаишатах цхьа эладита кхоьллина хилла. Цуьнан коьртехь хилла Iабдуллах1и- бин- Убай- бин- Салул. Ша бусалба ву бохуш лелаш хилла иза. Оцу эладитанах лаьцна доцца хабар. 1аишата, Дела реза хуьлийла цунна, дийцира: « Со яра пайхамарца, Делера салам хуьлда цунна, цхьана г1азотехь зударшна шайн дег1 хьулде хийрачу божарех, аьлла аят доьссинчул т1аьхьа. Иза шен эскарца, г1азотах парг1ат а ваьлла, юхавоьрзуш, Мадинатана герга кхечира. Цигахь уьш сада1а охьахевшира. Д1адоладала омра деара буьйсана. Со сан г1уллакх кхочуш а дина, суо т1ехаа езачу меттиге еара – суна гира сайн логах хилла з1е хаьдда. Со юхайирзира и лаха. Со сан четар чохь ю моьттуш ( юу х1ума ледар хилар бахьанехь зударий байа бара), сан четар эмкална т1е а йиллина, уьш д1аболабелира. Со ца карийча, уьш юхабоьрзур буй хууш, со сан меттигехь охьахиъна 1еш яра. Суна наб озаелира. Сафван хиллера эскарна т1аьхьависна вог1уш. Со йолчу меттиге кхаьчча, цунна хааделира адаман 1индаг1. Со евзина, цецваьлла, цо элира: «Инна лиллах1и ва инна илейх1и раджи1ун».( Шена т1е хало я цхьа бала беъча, олуш дерг. Цуьнан маь1на: « Вай Делан а ду, Цуьнга дйадоьрзуш а ду.»). Цунах со семаелира. Ас сайн юьхь т1е х1ума озийра. Валлах1и, цхьа дош аьлла и соьга вист ма ца хилира, суна цуьнгара и хьалха аьлла дешнаш доцург х1умма а ма ца хезира. Цо шен эмкал охьхаира, со цунна т1е хиира. И эмкална хьалха ваьлла, тхо эскарна т1е кхечира, уьш сада1а цхьана хина йистехь лаьтташ". Цунах шайн дегнашкахь цамгар йолчара, шайн коьртехь 1абдуллах1и- бин- Убай- бин-Салул волуш даржийра и эладита.