Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah An-Nur — Ayah 61

24:61
لَّيۡسَ عَلَى ٱلۡأَعۡمَىٰ حَرَجٞ وَلَا عَلَى ٱلۡأَعۡرَجِ حَرَجٞ وَلَا عَلَى ٱلۡمَرِيضِ حَرَجٞ وَلَا عَلَىٰٓ أَنفُسِكُمۡ أَن تَأۡكُلُواْ مِنۢ بُيُوتِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ ءَابَآئِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ أُمَّهَٰتِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ إِخۡوَٰنِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ أَخَوَٰتِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ أَعۡمَٰمِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ عَمَّٰتِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ أَخۡوَٰلِكُمۡ أَوۡ بُيُوتِ خَٰلَٰتِكُمۡ أَوۡ مَا مَلَكۡتُم مَّفَاتِحَهُۥٓ أَوۡ صَدِيقِكُمۡۚ لَيۡسَ عَلَيۡكُمۡ جُنَاحٌ أَن تَأۡكُلُواْ جَمِيعًا أَوۡ أَشۡتَاتٗاۚ فَإِذَا دَخَلۡتُم بُيُوتٗا فَسَلِّمُواْ عَلَىٰٓ أَنفُسِكُمۡ تَحِيَّةٗ مِّنۡ عِندِ ٱللَّهِ مُبَٰرَكَةٗ طَيِّبَةٗۚ كَذَٰلِكَ يُبَيِّنُ ٱللَّهُ لَكُمُ ٱلۡأٓيَٰتِ لَعَلَّكُمۡ تَعۡقِلُونَ ٦١
БIаьрса доцчунна къа дац‚ астагI волчунна къа дац‚ цомгаш волчунна къа дац‚ шуна шайна а /къа/ дац аш /хIума/ яарх шайн цIеношкара‚ я шайн дайн цIношкара‚ я шайн нанойн цIеношкара‚ я шайн вежарийн цIеношкара‚ я шайн йижарийн цIеношкара‚ я шайн ден вежарийн цIеношкара‚ я шайн ден йижарийн цIеношкара‚ я шайн ненан вежарийн цIеношкара, я шайн ненан йижарийн цIеношкара‚ я шайн /цIенойн/ догIанашна аш доладечеран1/цIеношкара/‚ я шайн доттагIчун /цIеношкара/. Дац шуна къа аш /хIума/ яарх цхьана‚ я шаьш-шаьш. Шаьш цIеношна чу доьдуш салам ло вовшашка Делан гергара беркате а‚ цIена а хиллачу маршаллица. Иштта билгалдоху Дала шуна аяташ – шу хила мегара хьекъале.
Footnotes
  • [1]

    Уьш бу шайн цIенойн догIанаш шуьга делла шайн гIуллакхе бахана болу нах, чохь долу хIума шун даа магийна.