Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah An-Nur — Ayah 62

24:62
إِنَّمَا ٱلۡمُؤۡمِنُونَ ٱلَّذِينَ ءَامَنُواْ بِٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦ وَإِذَا كَانُواْ مَعَهُۥ عَلَىٰٓ أَمۡرٖ جَامِعٖ لَّمۡ يَذۡهَبُواْ حَتَّىٰ يَسۡتَـٔۡذِنُوهُۚ إِنَّ ٱلَّذِينَ يَسۡتَـٔۡذِنُونَكَ أُوْلَٰٓئِكَ ٱلَّذِينَ يُؤۡمِنُونَ بِٱللَّهِ وَرَسُولِهِۦۚ فَإِذَا ٱسۡتَـٔۡذَنُوكَ لِبَعۡضِ شَأۡنِهِمۡ فَأۡذَن لِّمَن شِئۡتَ مِنۡهُمۡ وَٱسۡتَغۡفِرۡ لَهُمُ ٱللَّهَۚ إِنَّ ٱللَّهَ غَفُورٞ رَّحِيمٞ ٦٢
Баккъалла а, муъмин нах бу шаьш тешнарш Делах а‚ Цуьнан элчанах а‚ шаьш цуьнца (Делан элчанца) долуш цхьана юкъара гIуллакхна тIехь дIа ца боьдуш берш цуьнга пурба дехна а бен. Баккъалла а, и хьоьга1пурба доьхурш2 – уьш бу Делах а‚ Цуьнан элчанах а тешаш берш. Цара хьайга пурба дехча шайн цхьацца гIуллакхна‚ пурба ло царах хьайна луучунна‚ гечдар а деха царна Деле. Баккъалла Дела гечдийриг а ву‚ къинхетам бийриг а ву.
Footnotes
  • [1]

    Хабар Делан элчане ду.

  • [2]

    Шайн гIуллакхашка дIабахан Iидера‚ я гIазотера и. дI. кх.