A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Делан новкъахь къахьегнарш – иштта гочдеш ду جاهَدوا боху 1аьрбийн дош. Цуьнан масдар جهاد (Джих1ад) ду. Цхьаболчара цуьнан маь1на деккъа Делан новкъахь т1ом бар, олий деш ду.Вайна юкъахь дукха хьолехь г1азотолий девзаш ду и. Ткъа цуьнан маь1на дуккха шуьйра ду: массо а кепара Делан дош хьаладаккха беш болу болх, къахьегар ду иза, шайн синош а, бахам а ца кхоош, коьртачу хьесапехь, машаран хьелашкахь, ткъа царах кхачо ца хилахь, мостаг1аша дуьхьарлонаш еш, динан г1уллакхаш кхочушдан ца дуьтуш, ц1еношкара арадохуш – т1аман хьелашкахь а. Уггар доккха джих1ад стаго шеца хьоьгу къа ду, шен сица деш дерг ду, аьлла пайхамаро.
Loading…
Loading…