A translation of every ayah of the Quran in Chechen.
Дела ву хьалхарниг а, т1аьхьарниг а – Дела хиларна юьхь а яц, латтарна чакхе а яц.
Гучахь верг – хьекъалца, делилашца И Дела вуйла хаьа массарна а.
Къайлахьверг – б1аьрса Далла т1е ца кхиа, хьекъална а Цуьнан куц билгалдаккха ца ло. Муслима а, Ахьмада а схьадаьккхинчу хьадисехь ду: «Хьо хьалхарниг ву – Хьол хьалха х1ума яц, Хьо т1аьхьарниг ву – Хьол т1аьхьа х1ума яц, Хьо гучахь верг ву – Хьуна т1ехь х1ума яц, Хьо хьуламехь верг ву – Хьуна лохахь х1ума яц».
Loading…
Loading…