Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah Al-Hadid — Ayah 4

57:4
هُوَ ٱلَّذِي خَلَقَ ٱلسَّمَٰوَٰتِ وَٱلۡأَرۡضَ فِي سِتَّةِ أَيَّامٖ ثُمَّ ٱسۡتَوَىٰ عَلَى ٱلۡعَرۡشِۖ يَعۡلَمُ مَا يَلِجُ فِي ٱلۡأَرۡضِ وَمَا يَخۡرُجُ مِنۡهَا وَمَا يَنزِلُ مِنَ ٱلسَّمَآءِ وَمَا يَعۡرُجُ فِيهَاۖ وَهُوَ مَعَكُمۡ أَيۡنَ مَا كُنتُمۡۚ وَٱللَّهُ بِمَا تَعۡمَلُونَ بَصِيرٞ ٤
Иза ву Ша кхоьллинарг стигланаш а‚ латта а ялх дийнахь. ТIаккха Иза дIанисвелира Iарша тIехь1. Цунна хаьа латта чу дуьйлург а‚ цу чуьра арадуьйлург а‚ стиглара охьадогIург а‚ цу чу айлург а. Иза шуьца ву, шу миччахьа а хилча а. И Дела аш дийриг гуш ву.
Footnotes
  • [1]

    Хьажа "ТIахIа" суратан 5 аят. التسهيل لعلوم التنزيل(3|445) ц1е йолчу шен чайна чохь Ибн-Касира яздо: «Цхьаболчу (1елам) наха д1анисваларшен гучахь (т1ехула) долчу маь1нина т1едигна, цхьа кхечара и даьстинакъасд(1алашо, цхьана х1уманна т1еверзар) маь1нехь, Делан х1окху аятах а тардина: ثم استوى الي السماء (Т1аккха И нисвелира стигланат1е). И иштта делхьара, Дала эр дара: ثم استوي الي العرش (Т1аккха И нисвелира 1аршана т1е). Кхузахь маь1на хийцош дерш къамелан дакъалгаш (предлогаш) الي (Т1е ), علي (Т1ехь) ду. Цхьа кхечара иштта даьстина:Цо доладира Шен мулк хиларца, Шен ницкъаца. Бакъдерг ду Дала бохучух тешар, мухаца хоьттуш. Ма хаза жоп делира Малика, шега цхьаммо оцунах хаьттича: «Д1анисвалар хууш ду, куц ца хууш ду, оцунах хиттар бид1ат ду»! Иштта аьлла ду Абу- Хьанифата а, Джа1фар ас-Садикъо а, Хьасан аль-Басречо а. «Д1анисвалар» бохучун маь1на ца доккхуш 1ад1ийна пайхамаран асхьабаш а, царна т1аьхьабаьзнарш а. Цундела аьлла Малика цунах лаьцна хиттар бид1ат ду,аьлча а, хьалха ца хилла, ца оьшу х1ума ду.