Цуьнан маьIна тIаьхьа догIу −зударий кхузза баьхбелла цIанбалар (кхо бутт гергга хан).
Ирчаниг – и дош къасторехь 1еламнах бекъабелла. Дукхахболчара боху и нахаца лелар (зина) ду. Йитинчу зудчух и далахь, араяккха мега иза 1иддат чекхдаларе а ца хьоьжуш. Кхечара ирчаниглору, цул совнаха, зудчун т1ех вон амал, вон баге леяр, марцхошца т1ех вон хилар – ишттаниг араяккха маго цара 1иддат чекхдалале.
Къестина болу майрий а‚ зудий а юха цхьанакхета.
Делан къамел пайхамаре (Д.с.х.ц.) ду, цуьнан сий а деш, ткъа хьукам юкъара ду, цуьнан массо а умматах доьзна. Зуда йитар Дела оьг1азвоккхуш х1ума ду юкъаметтигаш тедарна а, иблисана там барна а. (Цунна хазахета мар а, зуда а къесташ). Цуьнца цхьана, наггахь марана я зудчунна оьшуш хуьлу и. Цундела Дала цхьа маслахьат хуьлуш делахь, я зулам духатухуш делахь, магийна и, муьлха а кхечу кепара хьарам дина. Дала магийна и йитар ц1ена йолуш, юххе а ца г1ош, цкъа йитар. Цу кепара кхин цкъа йита тарло цунна. Т1аккха юккъера галаморзахаллаш (цхьанацадараш, хилпалонаш) д1адаьлча, вовшийн барт тобелча, шен зуда юха ялон некъ бу цунна, 1иддат чекхдалале мах карла ца боккхуш, чекхдаьллачул т1аьхьа – карлабоккхуш. Амма кхузза йитахь, и юха ялон некъ бац цунна, и цхьа кхечуьнга маре а яхна, цуьнца 1а а 1ина, цо шен лаамехь йита а йитина цуьнан 1иддат чекхдаьлча а бен. 1иддат лерина кхузза ц1анъялар (кхо бутт хан) царна ойла ян хан алссам йитархьама. И ю Дала зуда йита магийна кеп ( صفوة ألتفاسية لصابونى.ج.3 ,ص.399 ). Амма муьлхха а кхечу, суннатаца ца йог1учу, кепара зуда йитар а дукхахболчу 1еламнехан гергахь кхочушхуьлу, и бид1ат лерина делахь а.