Magomed Magomedov

Ayah by Ayah

Tags

Download Links

Magomed Magomedov translation for Surah At-Talaq — Ayah 2

65:2
فَإِذَا بَلَغۡنَ أَجَلَهُنَّ فَأَمۡسِكُوهُنَّ بِمَعۡرُوفٍ أَوۡ فَارِقُوهُنَّ بِمَعۡرُوفٖ وَأَشۡهِدُواْ ذَوَيۡ عَدۡلٖ مِّنكُمۡ وَأَقِيمُواْ ٱلشَّهَٰدَةَ لِلَّهِۚ ذَٰلِكُمۡ يُوعَظُ بِهِۦ مَن كَانَ يُؤۡمِنُ بِٱللَّهِ وَٱلۡيَوۡمِ ٱلۡأٓخِرِۚ وَمَن يَتَّقِ ٱللَّهَ يَجۡعَل لَّهُۥ مَخۡرَجٗا ٢
Церан хан (Iиддат) кхочушхилча‚ юхаберзабе уьш хазчу гIиллакхца /шаьш цхьана даха лууш делахь/‚ я къастабе уьш хазчу гIиллакхца /шайна цхьана даха тарлур дац аьлла хеталахь/. Аш шиъ теш1хIоттаве /цхьанакхетарна я дIакъастарна/ шайх Iедале берш. Аш тешалла хIоттаде Далла. Иза ду Делах а‚ тIаьххьарчу дийнах а тешна хиллачунна шеца хьехам беш дерг. Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу2/массо а балих хьалхавала/.
Footnotes
  • [1]

    Шиъ Iедале волу (тешаме волу‚ дин долу) боьрша стаг.

  • [2]

    Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу – Делах кхийрина хьарам х1ума ца деш сецначунна Дала балех хьалхавала некъ каройтур бу. Мужах1идо дийцина: «Со вара Ибн-1аббас волчохь. Цунна т1е цхьа стаг веара, цо элира ша шен зуда йитина кхо ц1е тесна (цхьана меттехь). Ибн-1аббас сацавелира, жоп ца луш. Суна моттаделира цо иза цунна юхаерзор ю аьлла (цкъаццкъа Ибн-1аббаса ишттаниг юхаерзош хилла). Т1аккха цо элира: шух цхьаъ д1авоьду, цигахь т1ех 1овдал х1ума до. Т1аккха шега кхойкху: ва Ибн-1аббас! Ва Ибн-1аббас! Ткъа везачу Дала боху: «Шех кхоьруш волчунна Дала некъ хуьлуьйтур бу /массо а балех хьалхавалан/», ткъа хьо Делах ца кхийри, суна ца карабо хьуна некъ. Ахь Далла 1есалла йи ( цхьана меттехь кхузза ц1е тасарца) – хьан зуда гуттаренна а йисина хьох». Тафсиран 1еламнаха элира и аят юкъара ду ша 1авф бин Малик Аль-Ашджа1ий бохучуьнгахь доьссина хиллехь а. Цуьнан к1ант хилла мушрикунийн йийсарехь. И веана Делан элча (Д.с.х.ц.) волчу шен бала белхош, олуш: мостаг1чо йийсаре лаьцна сан к1ант, собарх йолуш лаьтта цуьнан нана, х1ун омра дийр дара ахь шена. Делан элчано (Д.с.х.ц.) аьлла: «Делах кхералахь, собар делахь, ас омра до хьоьга а, хьан зудчуьнга а: аш дукха алалаш لاحول ولا قوةألا بلله Ля хьавла ва ля къуввата илла биллах1.Цара и дира. Уьш иштта лаьтташ, ц1еххьана не1 туьйхира: не1арехь вара церан к1ант шеца б1е эмкал йолуш. Мостаг1 г1овпал хилча, цо лехкина ялийна яра уьш.